Саид Тага : другие произведения.

Информация о владельце раздела

Самиздат: [Регистрация] [Найти] [Рейтинги] [Обсуждения] [Новинки] [Обзоры] [Помощь|Техвопросы]
Ссылки:
Школа кожевенного мастерства: сумки, ремни своими руками
  • Аннотация:
    Не люблю предателей Отчизны.

  Чеченец
  
  Лараме накъостий! Всем, кто хочет знать правду о деле Сациты Асуевой и Полины Жеребцовой!
  Аса, дукха хан йоццуш цхьа статья язйинаре кху ФБ чохь. Цуьнан бахьана дара, Асуева Сацитас, Полина Жеребцовех, цуьнан ненан дех, Анатолий Павлович Жеребцовах лаьцна массийта статья зорбане тохар. Иза, царна доцург кхолла г1ерташ, уьш сийсаз бан г1оьртира. Цуьнан бераша Полине, кхерамаш туьйсуш оьзда мел доцу х1уманиш яздира, шайга Полинас шен 20 шо хьалха д1акхелхина ненан да, шен къена нана, ша а ма хьехаде аьлча. Ас сайн статьян т1ехь Сацитас харц мел яздинарг 1ора даьккхира, цуьнга доцург ма дийца элира. Цуьнан суна дуьхьал дала жоп ца хилира. Амма цара юха а шайн ямарт некъаш цадуьтуш, кху группи чохь инзаре эладиттин бен буьйлина, оьзда йоцу г1овг1анаш еш, массо къома нах кхардош бу уьш х1инца а. Со а, массо шайна реза воцуш вистхуьлург а, верриге блокировать вина, хьекъал доцу къамелаш деш бу. Цаьрга саца олуш кху группи дай бац. Х1окхара со "фейковое чучело" ю бах и аса язйина статья кхечо язйина бах. Цундела аса х1ара нохчийн маттахь яздо, бакъду, царна х1ара вайн маттахь деша хуур ду аьлла-м ца хета суна. Со Таипов Мусана вевза, селхана, кху хьокъехь тхойшинна телефонехь къамел хилла. Цо и тешал дира ду аьлла хета суна. Дукхах болчара сан статья ешна хир йоций хаьа суна, цундела иза аса кху чу юьллу. Дехар ду массаьрга, шайн хетарг олуш масла1ате дош алар! Ларамца Саид!
  

Связаться с программистом сайта.

Новые книги авторов СИ, вышедшие из печати:
О.Болдырева "Крадуш. Чужие души" М.Николаев "Вторжение на Землю"

Как попасть в этoт список

Кожевенное мастерство | Сайт "Художники" | Доска об'явлений "Книги"